SALAVDI
190 subscribers
142 photos
47 videos
9 links
Download Telegram
опыт делает нас сильными. опыт строит нас, возводит внутри нас бастионы, осада которых грозит врагу эмоциональным голодом или наоборот - взрывом.
Со хаза гIенаш гуш Iашшехь,
Сан бIаьргаш хийцина техьа?
Я говрахь бина, я - гIаш а
Некъ боцуш, валаза кех а,
Кху махка со муха кхаьчна?

Со хаза гIенаш гуш Iашшехь,
Я хIара урамаш, некъаш,
Хьан девза и адамаш а
Хийцина, сан дог, хIай, пекъар?

Со хаза гIенаш гуш Iашшехь...
Я хIинца гург ду те гIенах?
Я гIан ду техьа сел ирча?
Я мохк бу техьа сел хийра?..

Со сихло цкъа самавала -
Сама ца валало самах!
Со цIаван тохало,
амма
Некъ бац-кха
цIера
цIавалон.

Абдулаев Леча
хьизшам мухле дар яр!
мы знаем, что они врут.
и они знают, что мы знаем.
так и живём.
☕️
43°18'58"N   45°41'30"E
C'est La Vie.
удастся… сами знаете что ;))
всякий человек - всего лишь человек.
Диканиг хьахадан кхоьру со. Хазаниг хьахадан кхоьру со. Диканах, хазачух хьаьгна хьо ГIаггIъаьлла елхарна, кхоьру со.

Да-нана хьахадан кхоьру со: Буо виснарг велхарна, кхоьру со. «ЙоI» ала, «воI» ала кхоьру со: ХIухаьддарг велхарна, кхоьру со.

Гуо талла, бIов йоцуш висначохь, Букъ тоха берд боцуш висначохь, Куьг делла, белш гIортош, гIаттийна, Хьо латто гIо доцуш висначохь

Хьан лекха лам хьахо кхоьру со, Хьан Орга, Терк хьахо кхоьру со.

Нохчийчоь, хьо йийца кхоьру со: Къонахий белхарна, кхоьру со.
Абдулаев Леча. 2002 ш.
доктор, о боли мой мизинец знает больше, чем вы, с вашим образованием, опытом и знанием.